ИП Турсултанова Хеди Мусаевна

Ненан мотт- къоман кхане

21.02.2024

   Ахьмад-Хьаьжин цlарахчу Дешаран центран 6-8 классан дешархошна йукъахь дlабаьхьира Дуьненайукъара ненан меттан денна лерина «Ненан мотт- къоман кхане» цlе йолу къовсам. Тайп-тайпанчу тlедахкарийн йалх гуонех а, тхьамданийн къовсамех а лаьттачу атта доцчу зиэрех кхиамца чекхбевлира йеа а тобанан декъашхой.Нохчийн меттан сий дан а, цуьнан чаккхе йоцу хазалла йовза а, тlекхуьчу тlаьхьене и дерриге а дlакхачо а Дала хьуьнар, ницкъ лойла вайна!